Главная » 2015 » Июнь » 9 » Йоккхачу Атаг1ара цхьадолу тайпан гараш.
09:08
Йоккхачу Атаг1ара цхьадолу тайпан гараш.

БисмилЛах1ирРохьманирРохьийм!

Хьалхара дош

1944-чу шарахь, д1абохор бахьан долуш дуккха баларш, зенаш хилла вайн массарна а. Баккхий нах д1абовлар, дуккха а жайнеш а, тептарш дагор бахьан долуш таханна дайх ала дош дайна дуккха нах бу вайна. Цундера, 1999-чу шарахь, боьдуш т1ом а болуш со вола велира мелла а бух ахка, бакхийчарна т1е а лелаш, цара дуьйцург д1а а яздеш.
Дуккха к1орга ахька ца бели соьга вайн бух, х1унда аьлчи, 1957-чу шарахь, Казахстанера а, Киргизера а ц1абаьхкина баккхийчарга хатта а, д1аяздан а цхьаъ хиллихьара а дика х1ума гулделла хирдара… Ткъа вовшахкхеттарг, лахьахь шуна гур ду…

Йоккхачу Атаг1ара вашандаройн тайп (юьртан лаххьа юккъераниш) деа гар бекъалуш бу (схьадийцин - Мутушев Борзгас, 1999 ш.)

1) М1амайнгар (Ахмадовхар, Абдурзуковхар, Абдулкадыровхар, Якубовхар, Баудиновхар, Даудовхар, Ибрагимовхар (Балаевхар), Дедишовхар, Бакашовхар, Закраиловхар, Дункаевхар)

2) Жамсагар (Арсанукаевхар, Насухановхар, Хамзатовхар, Башировхар, Дикаевхар, Юнусовхар, Умиевхар, Бибаевхар, Джамалдиновхар)

3) Одамгар (Атабаевхар, Вашаевхар, Идалбаевхар, Мутушевхар, Мусаевхар, Матиевхар, Инаркаевхар, Самбиевхар, Махмадовхар)

4) К1айн куйнаш болу Мусиповхар (церан гар муьлха ду сунна ца хаа).

 

Скачать:

Работу Исы Балаева в формате doc 

Инаркаевы.

Арсанукаевы (выполнил Анзор Арсанукаев).

Категория: Тайпан гараш | Просмотров: 548 | Добавил: i_balaev
Всего комментариев: 3
avatar
1
Плохо видно
avatar
0
3
Мохьмад Ассаламу 1алайкум
Инарки де ц1и х1у хилла ховш дуй?
avatar
0
2
А ты нажми на ссылку "Инаркаевы", и там можно увеличивать двумя пальцами и смотреть. (когда на телефоне)
avatar