Главная » 2017 » Август » 17 » Ваштарой тайпанна ц1арах б1ов-междиган меттиг билгалла яккхар.
13:17
Ваштарой тайпанна ц1арах б1ов-междиган меттиг билгалла яккхар.

Аллах1ан пурбанца а, вайн махкахь долчу 1едалан пурбанца а, таханна, 17-г1а август, еарийнде, 2017-г1а шо (25 Зуль-К1ада 1438 шо), Якубов Матури к1ант Сайд-Мохьмад а, Салажиев 1умар к1ант 1арби а ваг1анна, меттиг билгал яьккхи, Ваштарой тайпан ц1арах б1ов-междиг дан. 

Сийлахьчу Аллах1а вайн, моссо бусулбачу нехан, барт цхьаъ бойла, вайн юккъера барт-марзо ч1аг1 йойла!

Шен тайп, мохк ца безачо, кхи тайп а лорур дац, шен нехан сий ца дечу, нехан сий а лардийр дац, нах ца лоруш верг Дала а, наха а лорур вац. Дала Ислам динехь ч1аг1 дойла вай, вай махканна пайденна а долуш!

Иса Балаев
 

Категория: Суьрташца дийцар | Просмотров: 100 | Добавил: i_balaev
Всего комментариев: 0
avatar