Главная » Фотоальбом » Шира суьрташ » Нохчийн махкара дика нах, 1905 шо.

Нохчийн махкара дика нах, 1905 шо.

Х1оккху суьртт1аьхь берш бу нохчийн дик нах - 1овда а, Мани а, Докку а, кхин болу шайхаш а. Щаьлтанца верг – Пседахера Мусаип ву Алероев! Хьалхьа Къуран доьшуш верг - шейх Дед в (Дени), ДАЛА диканца бекхам бойла царна!
1овдин уляхь верг, к1ай куй тиллинарг, шайх Мани ву!
Черовхан а, Аьвтрара 1овда а, Зелимхана да Г1ушмазкъа а баккхийрен доттаг1ий хилла. Циггахь Г1ушмазкъа к1ан Зелимха а ву, щаьлтанца... 1овдица, аьтто аг1ор 1аш Курчлара 1ела ву, к1айн куй а, к1айн маж а йолуш. 1ела, we заманчохь шолг1а 1елим стаг ала мегар долуш хилла кху Дег1астанчохь, 1овд д1аваьлчи (1937 чу шарахь НКВД-н белхлоша вийна и 1ела).
Сурт даьккхин 1905-чу шарахь, дуьххар оьрсийн революци хиллачулл т1аьхь, оьрсийн паччахьан къайл-лелачара (шпионаша).
Макке-Мадийнате дахьитийн хатарна жоьпе хьоьжуш хилла боху уьш, дийване гулбелла. Вайн махкахь х1у некъ лелийча бакъхьа хир ду, барт бан г1ерташ хилла уьш боху.
Сурт Пседахера Алероев Хьасанбекан ду.

  - 

148 0

Добавлено 26.05.2017 i_balaev

Всего комментариев: 0
avatar